ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу кхиазхочо бехк цабиллар дехна Кадыровга


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан къинтIера воккхуш, рогIера видео Iораяьккхина нохчийн инстаграм-пабликаша. ХIинца гечдар дехнарг ву Глазунов Максим цIе йолу жимстаг. Цуьнан маса шо ду а, иза муьлхачу гIалара ву а, дуьйцуш дац. Цуьнан видеох лаьцна динчу йозанехь сийсазво иза публикацин авторша.

"Миллионашкахь нохчий лам санна тIехIиттина стаг айхьа аьшнаш вале хьалха, Глазунов Максим, ойла стенна ца йира ахь", - яздина видео йовзуьйтуш.

Ша кхиазхочо видео тIехь дийцарехь, карарчу беттан 12-чохь "Iаламат сийзазе, боьха, маьттаза ролик" зорбане яьккхинера цо, и дарна юьхьIаьржа а ву иза.

"Оцу видеороликца айса сийсазвинчу хьоьга а, Рамзан Ахматович, масаьрга а сайна къинтIера довлар доьху ас. Сайн даггара доьху ас гечдар, чIагIо йо ас, оцу тайпаниг сайгара кхин цкъа а ца далийта", - боху Глазуновс.

Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.

Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхарелахь бина.

Стигалкъекъа-баттахь Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дийхира шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.

Мангал-баттахь ГIебартой-Балкхаройчуьрчу кхиазхочо къинтIера валар дийхира шена Нохчийчоьнан кьйгалхочуьнга. Бахьана дара - цо Iедалхо сийсазвеш дийцинарг.

Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG