ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францхойн хьехархо вийначу нохчочун дас ша реза ву шен воIана аьлла, дIахьедина


Анзоров IабдуллахI

Стохка ГIадужу-баттахь Францехь хьехархо Пати Самюэль вийначу Анзоров IабдуллахIан дас сингаттам хиллачул тIаьхьа дуьххьара интервью елла. Шен къамелехь Анзоров Абуязида боху, ша "реза ву" кIантана, хIунда аьлча, "боллу нохчийн а, дуьненчуьрчу бусулбачийн а сий айдина, иза дIавахарна".

Анзоровс ишта дуьйцу, хьехархо веле хьалха шен кIанта лелийначух а. Цо дийцарехь, Патис дешархошна Мохьмад Пайхамарна ехкина карикатураш урокехь гайтина хиларх цунна хиъна хиллера, меттигерчу имамо яржийначу видео тIехь.
Цу тIехь цо дуьйцура боху, бусулба динехь берш сийсазбеш дехкинчу суьрташна дуьхьал низамашкахь шаьш къовса гIортарх, амма аьтто ца баларх.

"IабдуллахIе кхчира и видео. И ца лайначу кIанта, кухни чохь йолчу нанна тIе а хьаьдда, цуьнга дийцина хиллера. Нанас карикатураш ехкинчарна неIалт а кхайкхина, жоп делла хиллера, вайн кархь хIуммаъ а дац, вайн гIуллакх - доIанаш дар ду", - дIахьедо Анзоровс нохчийн блогерна Эльмурзаев Турпална еллачу интервьюхь.

Бусулбачийн школаца а, меттигерчу Iедалхошца а конфликт гIаттарх IабдуллахIа дийцинера шен жимахволчу вешина а. Ткъа, дас бахарехь, шен кIантехь долчу хьолах цунна хууш ца хиллера, хIунда аьлча, иза "кхечу гIалахь болх беш" хиларна. Делахь а, боху Абуязида, шен кIанта динарг, ойла а ца еш, цIеххьашха хьала а иккхина, дина хIума дацара.

"Пхи шо кхаьчча дуьйна ламаз дан волавелира иза. Шен лаамехь, ас тIе а ца теIош. Марха кхобура цо ворхI шарера схьа дуьйна. Нохчийн гIиллакхаш-гIуллакхаш леладора. Дена-нанна дика кIант а вара. Цхьана а кепара фанатизм яцара цуьнца. Ас хьалакхиинера иза: хьайн дел а, ненел а дукха веза деза хьуна АллахI, бохуш", - дийцина дас.

Цо бахарехь, хьехархо веле хьалха IабдулахI масийттазза летта меттигаш бара нохчех лаьцна вониг дийцинчех. Вуьшта аьлча, шаьш тIеэцначу пачхьалкхехь цхьана а кепара проблемаш яцара шайн доьзалан, боху цо.

"15 шо хьалха Франци даьхкира тхо, дика дIа а нисделллера. Бан болх бара, цхьана а хIуманца эшам бацара. Йоллу езаниг яра цуьнан: телефон, сахьт, машен...", - билгалдоккху Анзоров Абуязида.

Цо дIахьедо ишта, шен "доьналла кхочур дацара, ишта вахана, стаг вен, нагахь санна, шен кIентан дагара хиинехьара, ша иза сацор вара, боху цо.

Делахь а, къайла ца хьо Абуязида, ша IабдуллахIа динчух воккхавуьйш хилар, "массо а бусулбачийн декхар цо текхна" аьлла, хета цунна.

"Тахана суна оьшура иза, амма со цунна реза ву. Массо а нохчийн, бусулбачийн сий айдина, дIавахна иза", - дIахьедо дас.

47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра стохка ГIадужу-баттахь. Зулам дарна бехкевира Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийра лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккхура прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG