ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 шо кхечи Эстемирова Наталья йийна


Бакъоларъярхо, журналист Эстемирова Наталья
Бакъоларъярхо, журналист Эстемирова Наталья

Тахана, Товбеца-беттан 15-чохь 12 шо дуьзи бакъоларъярхо Эстемирова Наталья, Нохчийчохь яда а йина, ГIалгIайчохь йийна. Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъехь цо бен болх ца тайначу наха дира и зулам 2009-чу шеран аьхка.

Оьрсийчуьра тIамца даьхкинчу эскаршкара а, тIемаш бирзича, бухарчу хьаькамаша а шен махкахошна ден зенаш Iорадохуш Эстемирова хьийзарна, цуьнца даима девнехь хуьлура Нохчийчоьнах Москвана хьалха жоп луш болу Iедалхой.

Иза ер массех версица туьдура талламчаша, амма чекхдаккхаза дисина иза йийча айдина бехктакхаман гIуллакх.

"Мемориал" тешна ю, нохчийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья ер цо бинчу балхаца доьзна дара аьлла. I990-чу шерашкахь дуьйна йолаеллера иза адамийн бакъонаш Iалашъян, "Мемориалца" юкъарло а лелош.

"Цо майраллица дуьйцура, цкъа оьсрийн эскархоша а, полицино а, цул тIаьхьа нохчийн ницкъаллийн структураша лелочу инзаречу зуламех", - яздора Эстемирован белхан накъосташа.

2009-чу шарахь Товбеца-беттан I5-чохь лачкъийна йигира Эстемирова Наталья ша ехача цIенна гергахь лаьцна. Цуьнан белхан коллегашна хетарехь, полисхоша дина зулам дара иза. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь. Герзаш диттина йийна хиллера иза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна кхерамаш туьйсуш хиларх масийттазза хаамбира "Мемориалан" векалша.

Талламчийн официалан версица, "тIемалоша бекхам бина" Эстемирована, цо зорбане йоху материалаш бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG