ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов Аслан Веран Масех Верси Ю Москохан

Нохчийн тIемалойн лидер Масхадов Аслан валаран гонаха къамелаш дерза ца туьгу хIинца а. Москохан официалан версица, шен гIаролхочо тоьхначу герзах кхалхар хилла Масхадован. И аьлла, деношкахь дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан инарла прокуроран когаметто Шепель Николайс. Ичкерин куьйгалло тIе ца юьту и верси. Цуьнан векалша чIагIдарехь, машар кхийдош волу нохчийн президент вер, дийнна дуьнено а емалдиний гуш ю Кремл. Цул сов, нохчашна вовшашна юкъахь питана даржа Iалашо а ю оцу дIахьедаран.

Талламо ма-дарра къастийна, Масхадов Аслан шеца цхьана хиллачу стага герз тоьхна вийна хилла хилар аьлла, деношкахь дIахьедар дира оьрсийн инарла прокуроран когаметто Шепель Николайс. Дойкур-эвлахь, цIийнан кIелларчу бункер чохь Масхадовца лечкъаш хиллачу тIемалойн кийтарлонаша а, баллистикийн экспертизо а билгалдаьккхина иза, Шепеля чIагIдарехь.

Герз тоьхначу тIемалочуьнан цIе, таллам къайле ларъярхьамма юьйцуш яц аьлла цо. Талламо къастийна элира, инарлин прокуроран когаметто, эФэСбэно цIенна го бича, церан кара ца вахархьамма, сепаратистийн лидеро шена герз тоха аьлла, дехар динийла. Схьагарехь, Масхадовга шега ца тохаделла иза элира цо. Делахь а, Масхадовна и герз мича а, мосузза а кхетта дийца реза ца хилла Шепель, ша болу таллам дIабирзинчул тIаьхьа бийр бу цунах лаьцна хаам, аьлла.

Оьрсийн Iедалийн цIарах инарлин прокуроран когаметто динчу дIахьедаро дуккха а хаттарш дитина, цкъа делахь. ШолгIа делахь, оьрсийн Iедалша хьехош долу, Масхадов чохь хилла боху, Девкур-эвлара цIа а, цунна бухахь хилла боху бункер а, эккхийтина, лакхарчу омарца. ЦIа хилла меттиг дIашаръйина ю. ЦIийнан да волу меттиг, хууш яц. ФСБено дIавигчхьана дуьйна, цхьанне а гина вац иза.

ЦIа эккхийтале хьалха, цIенна а, бункерна а таллам бинчу оьрсийн журналисташа къастйинера, бункер аьлчи а, цигахь хиллачу тоьли чохь дикка хан хьовха, масех сахьт а даккхалур дацара шина стаге а. И хаттар юьстах дитча, Масхадов цуьнца хиллачу тIемалочо вийна бохучух тешаш, схьагарехь, цхьа вац. Цунах лаьцна алссам яздира хаамийн гIирсаш.

Масхадов Асланан валар муха нисделла ма-дарра къасто, пачхьалкхан комисси кхоьллина Ичкерин Iедало. Цкъачунна, комиссин болх къайла бахийтина бу.

Ичкерин арахьа инарла векал волчу Ханбиев Iумара Маршо радиога дийцарехь, оьрсийн Iедалийн оцу тайпа дIахьедаран ши Iалашо ю.

Ханбиев Iумар: Тахана гIарадаьлла иза дуьйцуш ца хиларх, тахана Европехь а,

Массанхьа а политикаша дуьйцуш дерг цхьаъ ду –«Iовдала хIума ду цара лелийнарг. Машаре кхойкхуш волу паччахь вер и доккха эхь долу хIума ду» бохург ду тIекхийдош дерг.

Масхадов Асланан валар муха нисделла ма-дарра къасто, пачхьалкхан комисси кхоьллина Ичкерин Iедало. Цкъачунна, комиссин болх къайла бахийтина бу.

Ичкерин арахьа инарла векал волчу Ханбиев Iумара Маршо радиога дийцарехь, оьрсийн Iедалийн оцу тайпа дIахьедаран ши Iалашо ю.

Ханбиев Iумар: Тахана гIарадаьлла иза дуьйцуш ца хиларх, тхана Европехь а, массанхьа а политикаша дуьйцуш дерг цхьаъ ду –«Iовдала хIума ду цара лелийнарг. Машаре кхойкхуш волу паччахь вер, и доккха эхь долу хIума ду» бохург ду тIекхийдош дерг. ТIаккха оцу юкъахь царна, хIуъа дина а, шайна тIера и бехк дIабаккха дуккха а агIонаш оьшу-кха. Цкъа цхьаъ дуьйцу цара юха важа дуьйцу цара. Гiаролна иза тIетаттар а цхьа мехала хIума хета царна. Цкъа делахь, дуьненна хьалха цхьа бехкабазабовлар санна хуьлу царна. ШолгIа делахь, юкъара барт бохор а, преследовать (Iалашо кхочушъяр) до-кха цара оцу цхьана хIуманца.

Кхин цхьа хIума ду кхузахь. ШолгIа тIом болабелчхьана дуьйна, дийна оьрсашна кара ца вахархьамма, шен дегIаца оьккху молха лелош ву нохчийн тIемалойн лидер, боху дIахьедарш дара хезаш. 8-чу мартехь, рагIу кIел охьавиллинчу, тIера ах бедарш дIаяьхначу Масхадовн дегIаца иза гуш дацара, оьрсийн телевизион чухула иза гойтучу хенахь. Я оьрсийн Iедалша а ца хьахийна цунах лаьцна хIумма а.

Нохчийн тIемалойн лидер Масхадов Аслан валарца доьзначу хаттарехь тIадам билла хIинца а хьалхе долчух тера ду.

(ХIокху материале ладогIа аьтто бу шун тхан веб-агIонна тIехь, архивехь http://www.rferl.org/howtolisten/CA/20050405/ondemand.html)

бохург ду тIекхийдош дерг. ТIаккха оцу юкъахь царна, хIуъа дина а, шайна тIера и бехк дIабаккха дуккха а агIонаш оьшу-кха. Цкъа цхьаъ дуьйцу цара юха важа дуьйцу цара. Гiаролна иза тIетаттар а цхьа мехала хIума хета царна. Цкъа делахь, дуьненна хьалха цхьа бехкабазабовлар санна хуьлу царна. ШолгIа делахь, юкъара барт бохор а, преследовать (Iалашо кхочушъяр) до-кха цара оцу цхьана хIуманца.

Кхин цхьа хIума ду кхузахь. ШолгIа тIом болабелчхьана дуьйна, дийна оьрсашна кара ца вахархьамма, шен дегIаца оьккху молха лелош ву нохчийн тIемалойн лидер, боху дIахьедарш дара хезаш. 8-чу мартехь, рагIу кIел охьавиллинчу, тIера ах бедарш дIаяьхначу Масхадовн дегIаца иза гуш дацара, оьрсийн телевизион чухула иза гойтучу хенахь. Я оьрсийн Iедалша а ца хьахийна цунах лаьцна хIумма а.

Нохчийн тIемалойн лидер Масхадов Аслан валарца доьзначу хаттарехь тIадам билла хIинца а хьалхе долчух тера ду.

(ХIокху материале ладогIа аьтто бу шун тхан веб-агIонна тIехь, архивехь http://www.rferl.org/howtolisten/CA/20050405/ondemand.html)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG