ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрино Оьрсийчу хьажийна нохчо вайна Москохарчу аэропортехь


Оьрсийчоь - Шереметьево аэропортехь охьахаа кечлуш ду кема, 28Заз2012
Оьрсийчоь - Шереметьево аэропортехь охьахаа кечлуш ду кема, 28Заз2012

Нохчийн цхьана мухIажаро политикан тховкIело йоьхуш динчу дехарна жоп ца луш, кIира хьалха иза кеманна тIе а ваьккхина, Оьрсийчу дIахьажийнера Австрерачу Iедалша. ХIетахь дуьйна цу стеган лараш яйна. Иза мичахь ву ца хаьа я цуьнан доьзална а, я Iедалшна а.

Нохчийн цхьана мухIажаро политикан тховкIело йоьхуш динчу дехарна жоп ца луш, кIира хьалха иза кеманна тIе а ваьккхина, Оьрсийчу дIахьажийнера Австрерачу Iедалша. ХIетахь дуьйна цу стеган лараш яйна. Иза мичахь ву ца хаьа я цуьнан доьзална а, я Iедалшна а. Азимова Сийлахас дуьйцу тIепаза вайначу мухIажаран кхолламах лаьцна.

ТIепаза муха дов адам? Цхьа а лар а йоцуш, я хилла меттиг а боцуш? И саннарг дукхаза гина Нохчийчоьнан бахархошна, дуьхьарлера тIом дIаболабелчахьана дуьйна схьа эзарнашкахь нах оьрсийн эскархоша я къайлахчу сервисхоша бехк-гуьнахь а доцуш, лийца а луьйцуш, цул тIаьхьа лар йоцуш, уьш къайлабохуш хилар тергал дан дезначу. Амма тIаьхьарчу 70 шарахь тIом телевизионехь бен гина боцчу австрихошна хала ду, стаг тIепаза вов, я аьлча а, Iедалхоша иза войъу бохучух кхета.

Цундела а ца тешна хила там бу меттигера миграцин хьокъехь йолчу хьукматан белхахой Нохчийчурчу Идигов Расамбек цIе йолчу мухIажаро, ша нагахь санна Оьрсийчу дIалахь, цигахь вуьйр ву я тIепаза войъур ву, бохуш шайга дийцинчух. Цундела цара иза кIира хьалха Москоха доьдучу кеманна тIе а хаийна, нуьцкъара махкара араваьккхира, ша веддачу Оьрсийчу иза дIа юха а хьажош. Ткъа Москохарчу аэропортехь кема охьадуссушехь, цунна гуо бинчу оьрсийн полисхоша Расамбек лаца а лаьцна, дIавигина, Сибрехахь нехан машен лачкъорна бехке веш ву хьо, аьлла, бахьана а далийна.

"Ша цкъа а Сибрехахь хилла а вац" бохуш Расамбека мохь беттарх, тергал а ца деш, Iедалхоша дIавигина волу Расамбек цу дийнахь дуьйна вайна ву. Иза волу меттиг ца хаьа я цуьнца цхьаьна Оьрсийчу дIахьажийначу цуьнан хIусамнанна а, шина кхиазхочунна-йоIанна а, я цуьнан полисхоша иза Москоха дIахьажон дагахь иза лоцучу дийнахь чохь ца нисъялар бахьана долуш ара ца йоккхуш Австрехь йисинчу кхиинчу шина йоIана а, я цуьнан адвокат хиллачу Аусерхубер Тимна а.

Адамийн бакъонашларъярхоша даьккхинчу орцано томехь дочу хьоле хIоттийначу Австрин Iедалхоша масех де ду хIинца, шаьш дIавелла волу Расамбек лоьхуш волу. Москохарчу австрихойн векал йолу Маргот Клестил-Лоьффлер ша юккъегIорта дезна нохчочунна гуонахь лаьттачу хьолана. Цо хеттамаш хьажийна хIинцале а Москохарчу полисхойн куьйгалле а, ткъа иштта цигарчу набахтешка а, Расамбек мичахь ву а, муьлхачу хьолехь ву а бохург къастон Iалашонца.

Москохара „Гражданское содействие“ цIе йолу адамийн бакъонашларъяран юкъаралла а ю Идигов Расамбек волу меттиг толлуш, амма цкъачунна цхьа а жамIа дац шайн талламийн бохуш дуьйцу цу юкъараллин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас. Бакъду, и хIума гIарадаьлла чIогIа дика хета шена элира цо Маршо радионе, хIунда аьлча хIинцачул тIаьхьа Австрин Iедалхоша кIирбелла талла там бу, шаьш Оьрсийчу дIахьежочу нехан кхолламаш, аьлла.

Ганнушкина Светлана: „Иза аэропортехь лаьцна ву, цул совнаха цхьанна а хууш хIума дац, я гергарчаьрга цо зIе йина-ца йина а ца хаьа суна. Амма Далла бу хастам, иштта гIовгIа цунна гуонахь Австрехь аьлла, хIунда аьлча, цу хиламо тIеIаткъам бан там бу, цигарчу Iедалша шаьш Оьрсийчу схьахьежочу мухIажарийн латкъамаш дикох тергал байта. Ас сатуьйсу цуьнга. ХIунда аьлча, цхьа а бина таллам а боцуш, стаг схьахьажийна цара кхуза. Ткъа хIинца иштта жамIа хилла-кх царна цунах, - стаг гаррехь аэропортехь дIа а лаьцна. Цигара журналисташа зIе латтайо соьца, вуно йоккха IалагIож хилла цунах“.

Маршо радио: Австрерчу Идиговн адвокат волчу Аусерхубер Тима ша цуьнан тховкIелонах долу хаттар, меттигерачу Iедалша дацаре жоп делла долу, хIинца керлачу гонехь гIаттор ду, иза тIехь воцушехь, аьлла дIахьедар дина. Бакъду, меттигера адамийн бакъонашларъярхой шек бу, шена Расамбекана цунах пайда бер буй те, бохучунна. Цунах пайда эца иза дийна цкъа оьрсийн полисхойн карара вала ма веза, бохуш, дуьйцу Венерчу Азюль ин Нот юкъараллин векал йолчу Юдит Рудесталлерс.

Расамбекца доьзна долу гIуллакх хIинца иштта гIарадаьллехь а, иза цхьаъ хилла ца Iа, Австрерачу Iедалхоша кеманна тIе а хаош, нийса, олуш ма-хиллара, чаьлтачийн кара дIавелларг. Я вала кечвинарг. И саннарш дуккхаъ буйла хаьа кху махкахь бехачу мухIажаршна а, адамийн бакъонашларъярхошна а. Нохчийн юкъараллин жигархочуо Банжаев Вахас дийцарехь, карара шо чекхдалале араваккха кечвина 400 герга нохчо ву Австрехь.

Банжаев Ваха: „Дукха бу уьш, цара цхьацца бахьанашца арабохуш берш. Кехаташ схьа а делла, позитив ерш а ур-аталла бу цIахьечарна юккъехь. ХIара бутт чекхбалале Оьрсийчу дIахьажон кечвина 400 нохчо ву кху махкахь“.

Маршо радио: Цу ара бохучу нахана юккъехь тайп-тайпанчу бахьанашца Iедална коьртах бевлларш бу. Цхьаберш царна тховкIело яла йогIушехь, Iедало цатешамца хьийзош бу, амма бу иштта политикан бахьаншца а доцуш, гIолехь долу дахар лоьхуш Европе оьхуш болу мухIажарш а, бохуш дуьйцу Банжаев Вахас. И тайпа гIолехьа долу дахар шайна лахарна, дезарна а цу нахана билла бехк бацахь а, амма Iедалца шайн проблемаш ца хиларх терра, хIора шарахь Нохчийчу дIасалела марзабеллачу цу наха массо а мухIажаршна шайх бала бо, бохуш дуьйцу цо.

Банжаев Ваха: „Цхьаццаберш цIабахна хилар консулаташна гучу а девлла, цаьргара паспорташ дIа а дохуш, цIа хьежош бу Iедало. И цIаоьхуш болу нах шаьш схьабогIучу хенахь дуьйна кхин политикан проблемаш йолуш богIуш берш бац. Шайн Iер-дахар цIахь доьхна а, болх боцуш а, ахча доцуш а, шайн мискаллийна схьабаьхкина бу, шайн ков-керт а доьхкина.

Могашаллийна баьхкинарш а бу. ТIаккха и нах, шайн кепек вовшах ма кхеттий, кест-кеста цIа боьлху хьажа хIотта. Уьш бахьана долуш массарна а бала хуьлу тIаккха. Царна шайна а хуьлу. ХIунда аьлча, уьш Iедало шаьш а арабоху, уьш бахьана долуш массо а иштта лелаш а хета“.

Маршо радио: Цу юкъана Идигов Расамбек хIинца а вайна ларалуш ву. Цуьнца хилларг дукха гIарадалар бахьана долуш Австрин баьццарчу партин векалша чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, арахьарчу гIуллакхийн министре а кхайкхам бина, Нохчийчура мухIажарш махкара арабахар сихонца сацаде, вуьшта и нах Оьрсийчохь лецарна а, царна тIехь таIзарш дарна а, я уьш байъане а байъарна а долу жоьпалла Австрин Iедална тIедужуш ду, аьлла.
XS
SM
MD
LG