ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг вадон новкъарло йина зударша



Соьлжа-ГΙалахь «Беркат»-базарахь стаг вадо гΙоьртина лоьмар йоцчу «Приора» машенца хилла туьтмΙаьжигхой. Гиначара тоьшалла до, и лаца машенчура араиккхинчу камуфляж-духарахь волчу веаммо етташ, хьийзаве жима стаг, маьхьарий а баьхна, тΙехьаьвддачу зударша кIелхьара ваьккхира, бохуш. Цхьана базаран белхахочо бахарехь, Ахьмад ю вадон гΙоьртинчех къелхьараваьллачун цΙе. Хиллачун хьокъехь шайна хууш хΙумма а дац, аьлла, жоп делла полицино шеца зΙенебевллачу журналисташна.
XS
SM
MD
LG