ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венесуэлин президентан Чавес Хьюгон хьолаца доьзна эладитанаш даьржина


Венесуэлин вице-президенто Мадуро Николаса политикан оппоненташ бехке бина, цара президентан Чавес Хьюгон могашаллех лаьцна харцдерг а, эладитта а даржорна.

Вуочу цамгарца къуьйсучу Чавесана даханчу шеран ГIуран беттан 11-чу дийнахь йиалгIа операци йина Кубехь. ХIетахь дуьйна иза нахана юкъаваьлла гина вац.
Шеконаш кхоллаелла, хIокху беттан 10 дийнахь керлачу президентан муьрана леринчу инаугурацехь иза хирг хиларна.

Мадурос бахарехь, тIаьхьарчу кхаа дийнахь иза шозза вахана Кубехь йолчу, Венесуэлин президентана дарба лелочу клинике. «Операци чекхяьллачул тIаьхьа шен чолхе хьолах иза буьззинчу барамехь кхеташ ву», - аьлла Мадурос, Чавесан могашаллех лаьцна кхин билгал хIума а ца олуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG