Пакистанан Ιедалан делегацино бертан дийцарш дΙадолийна Исламабадехь гуламаш баржийначу Ιеламчица ТΙахΙир-уль-Къадри Мухьаммадца. И барам дΙабахьа Къадрис Ιедал декхаре дора деношкахь лаьттинчу гуламашкахь. Иштта цо тΙедожийнера Ιедалехь йолчу еа партин хьалханчашна Пакистанерчу Маршо Радион декъехула –цигахь цунах Машааль олу – шаьш коррупци пачхьалкхехь эшош дан леринарг довзуьйту сацамаш нахала бахар.
Гуламхошца бертан къамелаш дан хевшина Пакистанан информацин министр Заман КъахΙир Камар а, низамийн министр Наик Фарукъ а.