ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIайохуш ю тIаьххьара маршонаш а



Ιедалх йоцчу бакъоларъярхойн «Мемориал» юкъараллана ревизи еш ду Оьрсийчуьра Ιедалш. Еарий дийнахь цуьнан Москохара офис теллира ялъяккхаран полицино а, юстицин министралло а, хаам бина «мемориалхоша». Цара тоьшалла до и тайпа талламаш кхечу юкъараллашкахь а беш хиларан.

«Мемориалан» куьйгалхойх волчу Рогинский Арсенийс дийцарехь, кху кΙиранашкахь эзарнаш рейдаш йина Ιедалша бакъоларъярхойн хьукматашкахь. И тайпа талламаш оццул шуьйра баржор - хилла хΙума дац, цара кхерам бохьу адамийн бакъонаш Ιалашъечу системана, иза а йохо гΙерта Ιедал, бохура Рогинский Арсенийс. Боламо сингаттаме йина Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Оьрсийчуьра векалт а, цо шен твиттерехь боху иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG