ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненерчу лидерша емал дина Бостонера лелхийтарш


Дерриг а дуьнентIерачу пачхьалкхийн лидерша емал дина 3 стаг а вуьш, 140 гергга лаза а веш Бостонехь лелхийтарш дар. Ши эккхар хилла цу гIалахь марафон дIахьош финишан сиз долчу меттиган уллехь.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарла секретаро Бан Ки Муна дIахьедар дина, иза къаьсттина ирча зулам ду, дерриг а дуьненера адамаш цхьаьнатоха хьажийначу акцехь иза дина хиларна аьлла.

Хилларг адамалла доцу зулам ду аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цо дийцарехь, Оьрсийчоь кийча ю Iамеркан Iедалшна таллам беш гIо дан.

Цкъачунна и лелхийтарш шаьш дина аьлла, гучубевлла нах бац. Обама Барака хилларг теракт яра ца аьлла, таллам дIахьуш хилар билгал а доккхуш. Цо дош делла, зуламхой кара а бина, царна таIзар дан.

Бостонехь лелхарш хилар бахьана долуш кхерамазалла чIагIйина Нью-Йоркехь а, Вашингтонехь а, кхин йолчу гIаланашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG