ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев Тамерлан Нохчийчохь дIаволла там бу. Цкъачунна хууш дац Москохо и бакъо лур ю-яц


Бостонерчу имамо бакъо ца елла Царнаев Тамерлан цу гIалахь дIаволла. И аьлла, Охан-беттан 24-чу дийнахь хаам бина ХIинжа-гIалахь ЦарнаевгIеран доьзалан адвокато Цадаханов Зауберга а, бакъонашларъярхочо Саратова Хедас а.

«Канадехь ехачу Тамерланан дейишас дIахьедар дина, шайн цIерачу телефонна тIе зIе етташ, кхерамаш туьйсу. Канадера дIадаха деза боху шайга, аьлла.
Цул тIаьхьа шаьш боккъалла а Канадера дIадаха дохку аьлла цо. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа шаьш дог даьхнарг – демократи - ца елла. Шен вешин дакъа а эцний бен дIагIур яц ша цу пачхьалкхера», аьлла дIахьедар дина Царнаева Марета, аьлла хаам бина адвокато Цадахановс.

Цкъачунна хууш дац оцу хьокъехь оьрсийн Iедалша хIун дан дагахь ду. Москохарчу Дубровкехь театр закъалтана лаьцначул тIаьхьа Оьрсийчохь тIеэцна низам ду, террор лелош гучуваьлла стаг дIаволла, шен гергарчаьрга дIа ца дала бакъо луш долу. Кхел йина къастийна дацахь а, дуккха а меттигаш ю нохчийн декъий дIа ца делла. Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан дакъа а ца делла дIадолла шен гергарчарга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG