ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь кхерамазалла латтор шена тIеэцна армино


ОвхIанистанехь кхерамазалла латтор буьззинчу барамехь шена тIеоьцу армино аьлла дIахьедар дина цу мехкан президенто Карзай Хьамида. Цо къамел дина Кабулехь дуьненаюкъарчу ницкъаша кхерамазалла ларъяр метигерчу структурашка дIадалар хьокъехь хиллачу церемонехь.

Цигахь дакъалоцуш вара НАТО-н инарлин секретар Фог Расмуссен Андерс. И мероприяти дIайолаялале вала араваьллачу стага эккхийтар дира Кабулехь. Вийна мел лаххара а 3 стаг. Полицино дийцарехь, цу Iожалхочуьнан Iалашо хилла парламентан депутат Мохакик Мохьаммад вер. Амма депутатана хIумма а ца хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG