ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮНЕСКО саготта ю Шемара историн мемориалаш йохорна


ЮНЕСКО олучу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин дешарехула а, Iилманехула а, културехула а организацино дерриг а дуьненна мехала йолчу объектех дIатоьхна Шемара 6 историн мемориал.

Уьш йохорна саготта ю ЮНЕСКО, цигахь боьдуш болу тIом бахьана долуш. Шен хIора шарахь хуьлуш йолчу кхеташонехь цу организацино цIераш яьхна цу объектийн.

Юйцушрш ю историн гIаланаш Димашкъ а, Босра а, Алеппо а, Пальмира-оазис а, Крак де Шевалье а, Каль'ат-Салах-ад-Дин а олуш йолу гIоьпаш а, ткъа иштта цхьа композици санна юкъатоьхна йолу Шеман Къилбаседехьа йолу шира эвланаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG