ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна баркалла аьлла Асада


Шеман президенто Асад Башара баркалла аьлла шен коьртачу бертахочунна Оьрсийчоьнна, шайна гIо дарна. Кхаарин дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметтаца Рыбаков Сергейца цхьанакхеттачул тIаьхьа мехкан телевизионехула вист хуьлуш «Москох гIо дина керла глобалан баланс» кхолла аьлла дIахьедар дина цо.

Хьалхо Рыбаковс журналисташна хьалха вист хуьлуш элира, Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь Димашкъана гена доцуш, 1400 гергга стаг а вуьш, дIаьвше герз лелийнарш Шемара гIаттамхой хиларан тоьшалла карийна шайна аьлла. Цо чIагIдарехь, дуьненаюкъарчу инспекторша цу хьокъехь таллам бина, цхьана агIонна тIе а тевжина.

Цу юкъана, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инспекторийн тобан куьйгалхочо Селлстрём Аакес дIахьедар дина, дIаьвше герз лелийнарш муьлаш бу къасто кестта Шема юхадерза дагахь ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG