ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIаьвше герз хIаллак дан говзанчаш бахана Шема


ДIаьвше герзаш дехкарехула йолчу организацин тоба кхаьчна Шема-пачхьалкха. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, тIехь оьшу гIирс а, адамаш а долчу 20 сов машенах лаьттачу ковро Либанера Шеман доза хадийна Шинарийн дийнахь. Церан Iалашо ю цу махкара дIаьвшен герз хIаллак дар.

Шеман Iедалш реза хилла цу тобанца юкъаметтигаш лело Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а барт хилар бахьана долуш, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташоно резолюци тIеэцначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG