ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тасадаларш дуьйладелла Киевехь


Шинарийн дийнахь шуьйра тасадаларш хилла Украинин коьртачу гIалахь Киевехь демонстраташна а, ницкъаллин структурийн белхахошна а юкъахь. Эшам хилла нах бу шина а агIор. Цхьаболчу хаамашца, кхо стаг вийна дуьхьалонан акцийн декъашхошна юкъахь.

Цу хеннахь керла министрийн кабинет кхолла кийча ду шаьш аьлла дIаъхьедар дина Украинин лаккхарчу Радехь йолчу парламентан оппозицино, нагахь мехкан куьйгалхочо Янукович Виктора хенал а хьалха президентан а, парламентан а харжамаш кхайкхабахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG