ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера парламентана кхоалгIа урхалла дан хьаржина Аль-Малики Нури шен шиIатийн партица


Официала дечу хьалхарчу хьесапехь, Иракъехь чекхбевллачу парламентан харжамашкахь толам баьккхина, премьер-министр Аль-Малики Нури коьртехь волчу шиIатийн партино. Йозуш Йоцчу Лакхарчу Харжамийн Комиссино оршот дийнахь бинчу хаамца, паралментехь долчу 328 гIантах 93 кхаьчна аль-Малики партина.

Цунна тIаьхьа йогIуш йу, йоккха юкъ юьтуш, шиIатийн политикийн цхьанатохарш: Аммар аль-Хьакиман 29 меттиг ю, Моктада ас-Садран 28 меттиг ю парламентехь.
Керла урхаллин коалици а кхоьллина, кхоалгIа Иракъан парламентан куьйгаллехь вуьсуш ву аль-Малики.

2011-чу шарахь Iамеркан эскарш арадаьхначул тIаьхьа дуьххьара дIабаьхьна харжамаш бара уьш Иракъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG