ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экзамен чеккхъяьлла, жамIаш шийла ду



«Пачхьалкхан Юкъара Экзамен» дIаяларан мур чекхбаьлла Оьрсийчохь. Иза цIенна дIабахара Къилбаседа Кавказехь, дIахьедина пахьалкхан дешаран тергоечу урхаллин куьйгалхочо Кравцов Сергейс. Дагестанехь иштта дика чекхбаьлла экзамен схьаэцаран болх, хаам бина мехкан куьйгалхочо Абулатипов Рамазана а. Амма хьехархошна а, мехкийн Iедалшна а хьаам беш ду дукхахболчу мехкашкахь, масала, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, кхечаша а. Нохчий берех кхоалгIачу декъе дIа ца ялаелла оьрсийн литература, эханнал совне – географи. Экзамен дIахьош гучуевлла харцонаш бахьанехь балхах вохийна Нохчийчохь кхаа школан директор. ГIалгIайчуьрчу цхьана школехь, ша тIехьийзачу йоьIан аьттонна, школехь ток а хадийна, терго ен видеокамера дIаяйъа гIиртина аьлла, лаьцна цхьа къонаха, хаам бо «РИА «Новости» агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG