ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанехь керла паччахь - Филиппе VI



Филиппе VI официалехь Испанин паччахь (король) кхайкхийна еарийдийнахь, шен дегара Карлос Хуанера и дарж цо схьаэцарца. 46 шо долчу Филиппес дуй биина парламентна хьалха конституци Iалашъян.

Къамел деш цо бийцира шен Испанига болу безам, халкъан бертах ша тешаш хиларх лаьцна дара цуьнан къамел. Барт хьехош буху дуьллург дара мехкан дакъа Каталони Испанех маршаяла гIерташ хилар.

Эзарнаш нах бара иза декъалвеш, мехкан байракхаш а карахь, урамашка бевлла. Церемони мелла а яцйина яра эконимикан кризисехь пачхьалкх хиларца доьзна. Кхаарийдийнахь паччахьалла дитира 76 шо долчу Филипан дас Карлос Хуана. Иза лоруш паччахь а вара Испанехь, инарло Франкос хIоттийначу тIеман диктатурера а баьккхина цо мохк демократе кхачорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG