ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна гIо дарна кхеле озийна


ГIаттамхошна гIодинчу рогIерчу вахархочун дов кхачийна кхеле Нохчийчуьрчу талламчаша. Шен хIусамехь диъ шо хьалха тIемалой тIеэцарна а, царна юучуьнца хьошалла дарна а бехкево Веданан кIоштара Дамаев. Цо гIодинарш шо хьалха кхелхинчу вежарийн ГакаевгIеран тобанера бара, боху талламаша. Ткъа Дамаевна мотт тоьхнарг ву тIемалошлахь а лелла, тIаьхьо Iедалан каравахана стаг. Кхело пхеа шаре кхочуш хан тоха тарло Дамаевна. Оцу кепехь гIаттамхошца гергарлонехь хилла нах Iора а бохуш, уьш кхеле ийзор шуьйрра даьржинчу девнех ду Нохчийчохь.

XS
SM
MD
LG