ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

49 турко "халифатхойн" йийсарера мукъаваьлла


Иракъерчу Мосулехь «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу гIаттамхойн тобано лаьцна кхаьбна 49 турко могуш-маьрша мукъаваьккхина, хаам бина Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмада. Стохка аьхка оцу гIалахь шаьш Турокойчоьнан векалт яккхарх, лецна латтош бара туркой гIаттамхоша. Царалахь вара коьрта векал Йилмаз Оьзтурк а, кхиболу дипломаташ а, церан бераш а.

Давутоглус ца дийцина, муха аьтто баьлла закъалтхой маьршабаха, амма Туркойчоьнан «къайлахчу сервисо дика болх бина», премьера бахарехь. Иракъера мукъабаьхначарна духьалвахара Давутоглу, шен Азербайджанера визит юкъах а йоьккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG