ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-Къаидера амир вийна Пакистанехь


Пакистанан инарлаша хаам баржийна, эскарша вийна шайн мехкан къилбаседанехь ал-Къаидан лаккхарчу амирех цхьаъ ал-ШукрижумахI Iаднан, аьлла. Вазирастанехь шоьтан Iуьйранна хиллачу тIематасадаларехь кхелхина иза а, кхин ши тIалиб а. Эскарех велла цхьа салти.

Нью-Йоркехь метро эккхийта кечлуш хилла аьлла массех шо хьалха бехкевира иза Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн прокуратурано. Ал-Къаидан куьйгалхошлахь ал-ШукрижумахI лорура лелхийтарш дан кечамаш бийриг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG