ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вежарий Куаши а, Кулибали Iамеди а, виъ церан закъалтхо а вийна Францехь


Парижна гонах шина меттехь тIематасадалар хилира ПIераскан дийнахь а, сарахь а. Монруж олучу меттехь полицино операци дIахьош вийна Кулибали Iамеди. Полисхо-зуда еарийдийнахь ерна лохуш вара иза. Шарле ХIебда журналан редакцехь 12 стаг вийначийн декъахь а лорура иза.

Ткъа Парижна 50 чаккхарма юьстахарчу Даммартэн-ан-Гоэль гIалахь гоне лаьцна вара Парижехь динчу зуламан декъашхой бу аьлла билгалбаьхна вежарий Куаши – СаIид а, Шериф а. Цара полицина духьало латточу юкъанна туькана чохь закъалтна лаьцнера массех стаг. Ши ваша вийна. Иштта кхелхина цигахь виъ закъалтхо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG