ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс тIемалошна кхерамаш тийсар нийса лерина Москох гIалин кхело


ТIемалой гергарчарна кхерамаш тийсарна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьаделла Талламан комитет реза цахилар нийса ду аьлла сацам бина Москох гIалин кхело. Стохка ГIура-баттахь цу хьокъехь кхеле кехат яздинера «Новая газетан» корреспонденто Милашина Еленас.

Кадыровс шен инстаграммерчу агIон тIехь дIахьедар динера, нагахь тIемалочо Нохчийчохь полицин белхахо вехь цуьнан доьзал махках боккхур бу, ткъа цуьнан хIусамаш йохор ю шаьш аьлла. Цул тIаьхьа бакъонашларъярхошна гучудаьлларг дара Нохчийчохь масийтта хIусам ягийна хилар.

Талламан комитет реза цахилира Милашинера кехат схьаэца. Талламан комитетана хетарехь, журналисто бинчу латкъамехь цхьа а хаам бац зулам дина хилар гойтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG