ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархойн хаттаршна телевизинехула жоьпаш делла президенто Путина


ХIора шарахь хуьлуш йолу «Путин Владимирца нисса зIенехь» цIе йолу рогIера (13-гIа) программа хилла Еарин дийнахь. Президенто телеэфирехь жоьпаш делира журналисташа а, могIарерчу бахархоша а деллачу хаттаршна. Путин жоьпаш дала волавалале хьалха цуьнан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс хаам бира цхьана кху беттан 9-чу дийнахь 2 миллион гергга хаттар кхечира президенте аьлла.

Иштта «Независимая газетан» коьртачу редакторо Ремчуков Константина Малхбузерчу пачхьалкхашца юкъаметтигаш маца дIанислур ю аьлла деллачу хаттарна жоп луш, Путин Владимира элира шаьш "уьш цаталхийна, амма Оьрсийчоь кийча ю луучуьнца юкъаметтигаш лело" аьлла.

Цуьнца цхьаьна Путина элира Iамеркин Цхьанатоьхначу Штаташна бертахой цаоьшу, царна оьшурш шех йозуш йолу пачхьалкхаш ю аьлла. Малхбузенца юкъаметтигаш дIанисъян оьшург ду Оьрсийчоь ларар, цуьнан хьашташ ларар элира Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG