ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вер толлучаьрга Кадыров левайта лаьа оппозицина


Немцов Борис коьртехь хиллачу ПАРНАС-партин кегийрхойн декъо цхьалха пикеташ дIаяьхьна оршотдийнахь шайн лидер верца доьзна Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан а, «Къилбаседа» батальонан буьйранча Делимханов Iеламбек а, церан го а кхеле лебар доьхуш. Немцов Борис вер толлуш, лаьцна кхобу Москох 5 нохчо, амма и нах муьлхачу уьйрашкахь хилла цIерш яьхначу куьйгалхошца талла декхаре до Iедал оппозиционераша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG