ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а ФИФА-н президент хаьржина Блаттер


Дуьненан футболан федерацийн ассоциацин президентан харжамаш хилла ПIераскан дийнахь Швейцарерчу Цюрихехь. Цу харжмийн шолгIачу муьрехь царна юкъара ваьлла принц Iела. ПхоьалгIаза а ФИФА-н президент хаьржина хьалхарчу муьрехь толам баьккхина волу Блаттер Зепп.

Хьалхо Блаттер Зеппа сихонца дита деза и дарж аьлла дIахьедар динера Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида.

ПIераскан дийнахь Берлинехь Германин канцлерца Меркел Ангелица къамел деш, Кэмерона элира, кхеташ дац цу стага ФИФА коррупцех а, кхаьънаш эцарх а муха цIанйир ю, и тайпа зуламаш дарна лецна цуьнан гонера нах а болуш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG