ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Бохь боцу бIаьвнаш (кийсак)


Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш, шира юрт, марсхьокху-беттан 29-гIа, 2012
Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш, шира юрт, марсхьокху-беттан 29-гIа, 2012

Бексултанов Муса

"Бохь боцу бIаьвнаш" дийцарна юккъера кийсак...

"..Ва Нана-Нохчийчоь, хьо лата-м ма летира! БIешершца бIарзйина хьо, гIелоно гIелйина йолу, цкъа мукъна а дог Iабо, бекхам бан, чIир эца… Хьайн са сих ца кхарддал, ойла юззал доьналлех… Уьш кхача-м ца ели, ца хеди-кх церан зIе; уьш хIордал дукха хили-кх, стигланел шорта: цара Iехош йоьхки-кх хьо, ери-кх хьо бIешершкахь, хьайн гIенашца, Iуьйренашца, бера-берийн ловзаршца а… Хьайн тешарг лолда-кх хьан, шаьш бен хьан бац баьхнарш, хьан баланах зовкх хуьлуш, тезетах той деш, цIарца йийца цIе йоцу гIело хьан коча юьллуш, хьан даьIнийн Iоврашкахула хIонц карийна хьийзарш…
Нохчийчоь! Ага хьо, тхан эвхье кура нускал! Хьан бухъяьхна Iаьржа кIажарш, дакъош хилла гIабали, шуьрех хьаьгна кIайн накхош пхьуйн кIомсарша цистина, хьеран тIулго буьртиг санна, хьан кхоамза дерина дегI! Хьаьжжинчохь диси-кх вай, бIаьрзе стаг стигла санна, маршонах хьаьггинчохь, орам хих ма хьаггара, лай – Делан къинхетамах а.
ХIун дуьйцуш язде-кх ас, мила хьехош, мича кхоана, мел везнарг воцуш хилча, мел езнарг а къаьстича сайх.
Мила хуьлуш хIотта-кх со орца доцчу хьан тезета: кадам оьцу да хилий, я дог хьаста веъна стаг – дакъа а, каш а со суо хилча, юха велларг а, виснарг а – со.
Со – бохь боцу бIаьвнаш хьан.
Хьан чоь йоцу аре.
ХIора а чурт хьан суна доьгIна.
Хьан кешнийн латта а – со.
Хьан мерз хаьдда пондар.
ГIайгIанна тIаьхьа болу узам.
Узамна тIаьхьа – бIаьрхи…
Ма виса-кх Хьо йоцуш, ган йоцуш, велха а!
Тхан Нана-Нохчийчоь! Тхан куралла! Каш тхан!..."

Iаьнан ехачу буьйсанца, тийналлин гIара а хезаш, суо цхьаъ цхьалха, ойланашца сайн, дIатаьIина Iуьллучу суна, геннара хьиегIа гIайгIа санна я гергарчу аьзнашца сайн бералла дуьхьал хIуьтту дагалецамийн некъашца.

Нана го сайн, сийна уьйтIе, кIайн кир тоьхна жима цIа.

Юха суо а го, жима бер долуш, паднара тIехь вежаршца ловзуш.

Суьйре хуьлу я пхьуьйре хан, тхо дерриш тхайн чохь а, пеша хьалха, юург еш, цхьацца узамца хьийза Нана.

Сан суьрташ серладуьйлу юха, юьхь-бос гуш, аматаш; хIетахьлера хIоттам а сайн, беран кхетам, Ненан аз.

Цо еш хилла галнаш а го, нуьйда таIорца бертиг а къовлуш, текха тIехь сецна кIайн Iаь, сан цергех дийлина хи а.

Юха Ненан елар хеза, кIайн цергаш, кIеда ши куьг, тхох хIора а хьостуш цо, доIанашца дIавижор а.

ТIаккха гIенаш бераллин (куьзган чохь гуш санна) дуьхьал оьху иштта суна, сайн хиллачу ловзоргашца.

Ма дарра го Iуьйранна суо (ах гIенах а, самах а волуш), галл-гал а лелхаш, паднара тIера теса тIе кхача схьавогIуш а. ТIаккха Нанас саца а вой, охьа лах а луш, мара вохкар, юха суо Ненан белаш тIе корта товжош вижа гIертар а.

ЭхI, Хьаби!

Сан Хьаби, маца, мичахь, хIун некъашца хьодур-кх со лаха цкъа: есаллин бухбацаре я стиглан Iаьршашка!

Дала херрехь, декъалчаьрца хуьлда-кх вайн вовшийн гар: «Нана яла хьан, сан кIант!» - аьлла, со хьаста хьо тIе а хьодуш.

Бексултанов Муса

Iахар

Жа дукъал чоьхьа, доккхо къаьстачу таьIначу аганчохь дара. Лам берриг а Iаьржа къаьстара, стигал кIел бохь гIортийна. Седарчий, сагалматаш санна, меттахъхьера.
Мох сих-сиха тулгIенашца схьахьодура. ТIаккха бовра.
Цхьа кIеззиг хан яьлча, юха а хьокхура. Цо цхьацца хьожанаш а, тIаккха кхерамаш а бохьура шеца.
Жа нахарш дохуш Iохкура, узарш а деш, йовхарш а етташ.
Наггахь Iахар Iаьхара, цхьа цIена, цхьа зевне. Нанас къорра, доцца аз хазадора дуьхьал. Iахарна ца хаьара, хIара хIун ду, жа иштта дIа хIунда тийна. Iахарна лела лаьара, жана тIехула когаш а бетташ, царна байн кур а тухуш, наггахь, ша гена баьлча, нана мичахь ю а хьожуш.
Нанна хаьара. Нанна дерриг а хаьара. Нана цундела меллаша Iаьхара дуьхьал, шен аз ца даржийта, ца хазийта, мохе дIаса ца дахьийта.
Цхьа шийла, цхьа инзара, дерриг а дегI гIорош, чо стамбеш аз деара цхьана геннара, хьевхьера схьа: «ув-ув-увв-увв» деш, тIаьхь-тIаьхьа дахлуш, озалуш, дерриг а дуьне дIалоцуш санна.
ЖIаьла летира.
ЖIаьла дай летира, меллаша: «гIалх-гIалх-гIалх» деш, ша-шена санна, юха иштта цу озана «ув-ув-увв» деш, гIийлла дуьхьал а цIевзаш.
Жий Iаьхира боцца.
Iахар бедда тIебеара. Охьабижира нанна уллохь. Нана хьаьжира, хьожа а йоккхуш.
– Нана, хIара хIун ду? – хаьттира Iахаро, – со цхьа шел ма ло, дегI эга ма до сан?
– Иза борз ю, – элира нанас, – цуьнан аз шийла ма ду, деза ма ду цуьнан аз… Борз инзара ма ю, къиза ма ю иза чIогIа…
– Иштта хIунда ю иза? – хаьттира Iахаро юха.
– Цуьнца Iожалла ю, – элира нанас, – хьан а, сан а – массо а са долчу хIуманан а.
– Iожалла хIун ю, нана?
– Лазам бу-кх, беккъа цIена – лазам. Коьмо кур тоьхча лазабой хьо?
– Бо.
– Иштта лазам бу-кх Iожалла а…
– ТIаккха борз вон ю-кх, нана? Юй?
– Ю. Борз бIобаш ма ю. Хьо хьайн нанна уллохь хила ма беза, гена а ца болуш.
– Ахь жIаьла хилча, хIумма а хир дац ма элира…
– ЖIаьло вай лар ма до. ЖIаьла леташ хезирий хьуна?
– Хезира…
– «Ма гIерталахь кхуза схьа, кхузахь со ду хьуна. Ас нанин Iахар бохьуьйтур бац хьоьга!» – бохура хьуна жIаьло.
– Нана, жIаьла дика ма ду, дуй?
– ХIаъ, ду. ЖIаьла сахиллалц дIа ма ца дуьжу, вай барзах лардеш. Сахиллалц лета ма лета иза. Цунна берзан хьожа а ма кхета…
– Нана, борз бен, кхин цхьа а вон хIума ма дац, даций?
– Борз санна вон хIума-м дац, кхин а дуккха дан-м ду уьш.
– Кхин хIун ду, нана?
– Урс а ду, кIода а ду, уггар вон – Iовдал Iу а ву, юха аьрзу а ду.
– Iу Iовдал а хуьлу, нана?
– Хуьлу. Жа шайн моккъа дажа ца дуьтуш, цхьана метта хьийзош, тIелоьхкуш верг вон Iу ма ву. Олуш ца хезна хьуна уьстагIо: «БIаьста со суо хьалагIатталц ца Iуьллуьйту волу Iу ма хуьлда сан – со хьалагIаттале керла буц тIейолу; гурахь со суо гIатталц Iуьллуьйту волу Iу а ма хуьлда сан – со бижинчуьра гIаттале буц якъало гурахь», - олуш.
– Ца хезна… Нана, аьрзу хIун ю тIаккха?
– Цхьа даккхий тIемаш а долуш, стигалхула хьийзарг аьрзу ду-кх. Цо хьо санна болу жима Iахар дIа ма хьо, нанна юххера дIабаьлча…
– Со цкъа а хьуна юххера дIа а бер бац, со… со…
– Ма балалахь, хьуо боккха хиллалц.
– Со боккха маца хир бу?
– Хьой? Гурахь хир бу-кх. Хаза ларга а лергина, цIан а белла, ши маIа а яьлла…
– Ларга хIунда лоргу, иза хIун ду, нана?
– Иза кIода ду-кх, ас хьоьга дийцина долу. БIаьста, гурахь – шозза Iожална кIел ма дуьйшу вай, кIоданца лоргуш.
– Со бедда-бедда дIагIур бу-кх, боккха ма хилли.
– ДIабахча барзо буур бу, дIабаха мегар дац…
– Ткъа ас хIун дан деза! КIоданах келхьара муха бер бу со?
– Хьуо ларга охьабиллича, бетта а ца луш, Iадда Iилла беза. Тохабелча – хадабо. Хадийча – нIаьний до, нIаьний дича – цомгаш хуьлу, цомгаш хилча - урс хьокху.
– Нана, уьш дукха ма ду, соьга лелалур ма дац… уьш. Суна цхьа кхин хIума…
– Хьуна хета иштта, уьш дукха ма дац. Дийнахь жана юьстах ма лела, буьйсанна а жана юккъе бижа охьа…
– Буьхьигаш-м ма ца юьйшу жана юккъе, дIога, гой хьуна, тархашца лаьтта-кх, юьстах а евлла…
– Уьш барзо атта ца лоцу.
– Уьш хIунда ца лоцу, нана, борз царах кхоьру?
– Ца кхоьру, цаьрга мохь болу, шаьш лаьцча. ТIаккха жIаьла лета. Юха Iу гIотту, топ а кхуьйсуш.
– Аса а хьокхур бу-кх мохь…
– Вайга мохь хьакха ма ца ло. Дала ца делла-кх вайна иза. Цундела ларбала ма беза хьо.
– Со-м ларлур бац, со иштта охьа а бижина, кхин хьала а ца гIоттуш, Iуьллур бу-кх хIуьттаренна, вон хIумнаш дIадовллалц…
– Нана яла хьан, иштта мегар ма дац. Дуьне ма ду хIара, Дала иштта кхоьллина. Барзо уьстагI буу, борз кхечо юу, кхиниг вукхо юу. Хьуна буц ма еза, езий?
– Еза. Шура а еза.
– Гой хьуна, ас буц ца йиъча, хьуна шура хир ма яц. Шура мерза ма ю, юй?
– Ю, шура а ю, хи а ду, юха цхьа кегийра буц а…
– И буц а ма ю иштта са долуш, хьо а, со а санна. Хаза сийна хьала а яьлла, тIехь зезагаш а долуш, малхехь йох а луш, иза а лаза ма йо…
– ТIаккха ас хIун дан деза! Ас буц юур а яц-кх, со хьох бакха а бекхаш, хи а муьйлуш, ловза а ловзуш, лелар бу-кх.
– ХIан-хIа, буц а яа еза. Буц вайна яа тIейолуш ма ю, вайга мийлийта оьхуш ма ду шовданаш а…
– Ас ахь аьлларг дийр ду-кх, нана… со юьстах а лелар бац, жана юккъехь охьа а буьжур бу, кхин… кхин хIун ду, нана? Кхин хIун де ас?
– Кхин хIумма а дац-кх, хьо хьайн ненан бакхарш бу-кх, жима а болуш, хаза а болуш, кIайн-кIайн тIаргIа а хьийзина, боккха дума а лестош… ХIинца хьайн ненах бакхал цкъа, тIаккха охьабуьжур бу хьо, хьайн нанна улло.
Iахар, хьалхара голаш лаьтта гIортош, охьа а таьIна, шозза-кхузза чинк тоьхна, шура а йолаялийтина, дуьман суьрк дIаса а лестош, юх-юха а чинк а етташ, бакха хIоьттира шен ненах.
Нана, нох а дохуш, Iадда лаьттара, наггахь Iахаран дуьмех бат а Iуттуш. Iахар гуттар а карзахболура, ша нанас хьаьстича, дума лестош, чинк етташ, юх-юха а бекхаш.
Юха и шиъ охьабижира: нанас шена улло, «бIа-бIа-бIаь» олуш, некха хьалхха схьабалийра Iахар, шена гуччохь хилийта.
Iахар когаш кIел бохкуш, ненах дIа а хьакхабелла, хьаьрччина, буйннал хуьлуш горггбелла, «пах-пах» аьлла, шозза-кхузза шок тоьхна, мара а цIанбина, яьIна ирах а саттош, дIабижира.
Буьйса Iаьржа яра, лаьтта тIехь хуьлуш ма хиллара, стиглахь-м иштта Iаьржа а ца хетара. Лаьмнийн баххьаш стиглан таьIна-сийначу соьналлехь бода хуьлуш лацаделлера.
Буьйса инзара яра, шен ца гучу, ца евзачу къайленашца.
Буьйсано кхерам туьйсура, юхь ца гун кхерам.
Цхьанхьа-м чIоб а дийкира: «чкъий-й-дт, чкъид-чкъий-й-дт» деш, хенан барам боькъуш санна.
Буьйса сама а ца елира – буьйса тхьевсинера, Iахар санна.
Iахарна сийна-баьццара дуьне гуора гIенах, къеггина кхетта малх а; цхьа байн мох а хьоькхура лекхачу даккъашца. ХIара шен ненаца бара, жIаьлеш а дара гена доццуш; цхьа узам беш, дIатаьIна, кхеран Iу а Iуьллура.
Буц яра шортта, шийла шовда а. ХIара шена лиъча охьабуьжура, юха хьала а гIоттура. ХIара Iаьхча – нана дуьхьал Iаьхара. ТIаккха хIара кхийс-кхийсалуш, бодий-бодий тIе а боьдий, ненах бекхара. Юха Iахаршца ловзура, вовшашна карраш а детташ, ида а уьдуш, дуккха а вовшах а кхетта, полларчий санна.
Дуьне хаза дара, сийна-баьццара маьлхан дуьне; Iахаран дуьне дара хаза, Iахар санна, жима а долуш; Iахарал а жима дуьне, цхьана ирсах, безамах, синкъерамах дуьзна долу, жима дуьне, горга, Iахар санна, хаза дуьне…

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG