ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дикаев Мохьмад. Нохчийн хIусам.

Нохчийчоь --Тевзана юрт, 2016
Нохчийчоь --Тевзана юрт, 2016
Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:30 0:00
Линкана тIе

Дикаев Мохьмад

НОХЧИЙН ХIУСАМ

Суьйре шийла, шийла еъча
Дадас тухий дечиг доккху;
Цкъа ца веана хьаша веъча,
Водий, нене ас кхаъ боккху.

Хьешо шена гинарг дуьйцу –
Тховса тхоьга муха кхаьчна,
ЦIаро-м сийна суйнаш туьйсу,
Кхехка нохчийн мерза кхача.

«BoгIypг, воьдург, юучух кхетта,
Вахар ирс ду», – дайша аьлла,
Нохчийн хIусам шийла хетта,
Цхьа а хьаша тIех ца ваьлла.

XS
SM
MD
LG