ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дикаев Мохьмад. Лурвоьллачу стеган илли.


Iурдан -- Гуттара ТIом
Iурдан -- Гуттара ТIом

ЛУРВОЬЛЛАЧУ СТЕГАН ИЛЛИ

Лаьхьанах таръелла,
ЧIир юьртах хьаьрчича,
Вовшашца гамлора
БIарзделла адамаш.
Вовшашна дIовш деттий,
Хеназа къежлора.
Ирча хьагI ца лалуш,
Стигланаш йоьлхура,
Къонахчун кийрара
ГIийла мохь оьхура: –
Ма цIийза, дилха дог,
Готтачу кийрахь,
Ламанца хьайна там
Ца хилла, бохуш;
Там хилла ца лаьтта
Башламан кортош,
Аьхкенан йовхонна
Аренаш этIаш,
Шайн курчу баххьашкахь
Букар дарц даьлча,
Деттачу дарцана
Ян дуьхьало йоцуш.
ГIайгIанаш мел йолчо
Шен гIайгIа ялхийча,
Сийна буц якъаял
ГIайгIанаш хир яра.
Баланаш мел болчо
Баланаш балхийча,

Доьду хи лакъадал
Баланаш хир бара.
Ма девзи делар хьо,
Баланийн хIай Орга, –
Син тIадам ца гучу
БIаьргара долу хьо.
Ма дийки делар шу,
Сан деган мерзаш, –
Шун декар марзделла
Пондаран мерзашна.
Сийдоцу чIир екхар –
Хьаштдоцу иэхь-иэшам!
Зурманца вуьйцур вац
Хьо юкъадаьккхинарг,
Толаман хазахетар
Халкъана ахь дахьац,
Безаман кхаъ боккхуш,
Дуьненахь хьо лелац.
Бала бу, неIалт ду
Хьан шаьлтан дитта тIехь,
Вежарийн цIий муьйлу
ЮьхьIаьржо яхьа ахь.
МостагIех шен вала
Кхин меттиг ца хилча,
Лурвоьлла вогIу стаг
Орган чу оьккхура,
Органо, аганахь
Санна, и тахкавой,
Кхехка дегI тулгIенийн

Шелонца тедора,
Дерачу бекхамах
Мисканиг ларвора.
ГIийлачийн дог оьцуш,
Органо идийна
Ламанца, Iаламца
Шен шийла тулгIенаш.
Стигланаш елхаеш,
Ламанаш дегадеш,
Органо керчийна
Ницкъ болу тулгIенаш.
Цо хийла некъ бина,
Маршонга сатуьйсуш.
Шерачу аренгахь
Аьрцнех дог ца дуьллуш,
Ламанца веха стаг
Декъала хилийта,
Къизачу бекхаман
Маьхьарш ца хазийта.

Дикаев Мохьмад похьмаллин нохчийн байтанча вара. Иза винера 1941 шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь, кхелхира 1979 шеран ГIадужу-беттан 29-чу дийнахь. Дикаев Мохьмадан байташ дуьххьара зорбанехь араевллера 1960 шераш дуьйлалуш нохчийн маттахь долчу газетийн а, «Орга» алманахан а агIонаш тIехь. Поэтан шен дуьххьарлера жайна арадаьлла 1965 шарахь. «Нохчийн хIусам» яра жайнин цIе.

XS
SM
MD
LG