ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Ширделла тIулгаш


Сийлахь Йоккха Британи

Ширделла тIулгаш

Цкъа пхьеха лаьттинчохь тап-п, аьлла, тийна,
Тидамза Iохкуш ду ширделла тIулгаш.
Ехий и кIайн мажош яц хIинца дийна,
Хиллачийн когашка хиндерниш гулдан.

Воьдучу жимхас уьш ца леци бIаьрга.
Хьаша а ца сеци маршалла хатта.
Аз доцчу маьхьарца, кхайккхинчохь цаьрга,
Шайн мара къевлина тIулгаша латта.

Шардеш син лекхий сатийсамийн гунаш,
Царна ша диннарг ди дуьнено суна.
Текхош шен къахьонаш, марзонаш, хьунаш
Некъаш а дехки цо сан дагчухула.

Цу тIулгийн дуккха а хир дара дийца,
Дахаран йовха цIе юха шайх летча.
Вайн дуьне ас царна герга озийра,
ДIа а и хийцира, саца ца делла.

Цуьнан а хир ду-кх сатийсамийн гунаш,
ХIинца а кхачаза ирхенаш, лаьмнаш,
Ас хьеярх сайн дагалецамийн гIунаш,
Ас дийша ца дитарх дийшина аьзнаш?!

1978-шо

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG