ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патрушевс кхераме лору интернет


Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан секретара Патрушев Николайс губернаторш декхаребина интернетан Google, Yahoo, WhatsApp хьостанех пайдаоьцучу хьаькамашна таIзарш дан. Уьш а, кхийолу а арахьара интернет-машанаш, хьостанаш лелор кхераме ду, элира Патрушевс Владивостокехь куьйгалхошца къамел деш.

Дуьххьара дац хьалха ФСБ-н коьртехь лаьттинчу Патрушевс интернетах пайдаэцар зуламе ду боху. Ши бутт хьалха Вологдехь а бохура цо изза.

Массех шо ду интернетехь Европерчу, Iамеркарчу хьостанех пайдаоьцу нах бехктакхамна кIел хIитто беза Пачхьалкхан думин депутаташа боху а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG