Полицин белхахоша шайна луъург лелорна дуьхьал митинг хилла Буру-гIалахь Оршот дийнахь. Неха сатохар кхачийнарг ду цигарчу милицин декъехь, хьийза а вина меттигера вахархо Цкаев Владимир вер. Цу акцехь дакъалоцуш вара 100 гергга стаг. Цкаев лаьцна хилла полицино ГIадужу-беттан 31 дийнахь, иза полицин белхахочунна герз тоьхнарг хила мега аьлла шеко йолуш.
ШолагIчу дийнахь цу стеган гергарчарна хиина иза левинчул тIаьхьа, корта а бохийна, Республикан клиникан госпитале вигина хилар. Циггахь велла Цкаев. Митингехь дакъалаьцна болу цуьнан гергара нах, цуьнан сурташ а карахь буьйлабелира Буру-гIалин урамашкахула. Цара дехар дина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнга шайн стаг валаран бахьана талла аьлла.