Кремло Нохчийчоьнан президентан дарже хIоттийна хиллачу Кадыров Ахьмадан сурт дагийнарш лохуш Куьршалан кIоштара БIаьчи-Юьрт гонехь латтийначул тIаьхьа дIабигинчу кегийрхойх кхоъ вуьсуш ву низамхошкахь.
Ткъа иза иштта хилар чIагIдийраш бу шаьш бовзийта цалуурш, гергарчара я полицино дацаре а ца до, я бакъ а ца до нах лецна хилар. Тешаша бечу хаамца, лецнарш кхобу Кадыров Рамзанан децIа ларалучу ЦIоьнтарахь.