ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибаша схьаяьккхина Гилменд


ОвхIанистанерчу ТIалибано Гилменд мехкан дакъош шен доладерзина. КIоштан губернаторан гIовса бечу хаамашца, оршотдийнахь тIалибаша дIалаьцна Сангин кIошт, масех дийнахь тIемаш а бина. Севцца бац тIемаш хIинца а. Кабуло дIахьедина ша сихха орца гIаттор ду, Гилменд йожа а сахьт дац, аьлла.

Оцу кIоштахь хуьлучух лаьцна шен Фесбукерчу агIонтIехь хаамаш баржийна ОвхIанистанан Iедалан куьйгалхочо Iабдулла Iабдуллас. Беттачохь Гилменд ларъеш велла Iедалан ницкъех 90 бIаьхо, боху цу тIехь Iабдуллас.

Гилменд, цо тоьшалла дарехь, тIалибаша опиум кхиош йолу меттиг ю. Ткъа опиумах даьлла ахча доьду ТIалибанна пайденна, яздо ОвхIанистанан Iедалан дас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG