«Исламан Пачхьалкх» олучу тобанна дуьхьал даIваташ дарна Несар-Коьртан маьждиган имамна Чумаков Хьамзатна кхерамаш туьйсуш кечйина, яржийна видео оцу имамна дуьхьаллаьттачу махкарчу динан дайша кечйина хила а тарло, аьлла хета ГIалгIайчуьрчу дуккхаъчу бахархошна.
И хаам лела цигарчу зорбанехь. Массех бутт бу ГIалгIайчохь говаьлла волчу Iеламчанна Чумаков Хьамзатний, мехкан муфтина Хамхоев Iисаний юкъахь шаьш дечу даIватийн маIница а, маьждигехь рузбадан йолчу бакъонца а доьзна къовсам лаьтта.