ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исс стаг вийна Оьрсийчохь кхечу къомах ву аьлла


Исс стаг вийна Оьрсийчохь 2015-чу шарахь кхечу къаьмнех болчу нахе цабезам хиларан а, ксенофобин а бух тIехь. 68 стаг лазийна ву. Цуьнах лаьцна хаам бина «Интерфаксо», «Сова» олучу адамийн бакъонашкахула йолчу центрана тIе а тевжаш. Бакъонашларъярхоша таллам бина Оьрсийчоьнан 17 регионехь.

Цу талламан жамIашца а догIуш, 3 стаг вийна Москох, 26 лазийна ву. Петарбухехь 3 стаг вийна, 14 лазийна ву. Цу кепара зуламаш дина Москохан а, Самаран а, Новосибирскан а кIошташкахь а. Коьртачу декъана цабезам а, тIелатарш а ловш бу Юккъерчу Азера а, Кавказера а схьабевлла нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG