ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезехь полицин талламаш бу дIахьош


Индонезин шахьарахь Джакартехь талораш кечлуш хила тарлучу террорхойн маза лохуш ю полици кху муьрехь. Ткъа еарийдийнахь тапчанашца, лелхачу коьчалшца Джакартерчу керста бахархой байа арабевллачу нахаца тIематасадалар хилла Iедалан низамхойн.

Вийна 5 тIемало. Герзаш дуьйлучохь а нисвелла, Iожалла карийна маьршачу нахах цхьана канадахочунна а, цхьана меттигерчу вахархочунна а. Талламаш бу Джакартехь дIахьош, кхо стаг лаьцна. Индонезин шахьарарчу полицин хьаькамо Карнавиан Титос хаамбина, шаьш лохуш ду «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашца зIе латтош волу Индонезин вахархо Наим БахIрум, аьлла.

Хьал кхераме хиларна Индонезин полицино дестийна шен ханаш кхечу пачхьалкхийн векалташна гонаха, йохк-эцаран центршкахь, Iедалан хьукматашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG