ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь дов дерзош хьоьгу къа дойъу Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьно Шемахь кеманашца нахана дечу дараша хедабо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино цигахь пхеа шеран конфликт ерзош, машар биллархьама дохку некъаш, аьлла дIахьедина Атлантикан альянсо – НАТО-но. “Бомбанаш Шемарчу диктаторан духьалончашна тIе етта Оьрсийчоьно, политикан тIегIанахь дов дерзош хьоьгу къа дойъу,”- элира журналисташка пIераскана Амстердаме Европан тIеман министршца цхьанахкета веъначу НАТО-н инарла секретара Столтенберг Йенса.

“Стигал лаьцна оьрсийн кеманаш хьийзаро бестабо Туркойчоьнна тIера кхерам а, кест-кеста дохадо туркойн, аьлча а, тхан альянсан хIаваан доза,” – бохура Столтенберга. Женевехь Шемарчу Iедаланний, оппозицийнний дийцарш барт ца карош дирзира кху кIиранан юьххьехь – оппозици реза ца хилла оьрсийн кеманаша шайн махкахой хIаллакбечу муьрехь Асад Башарца машарбан.

Карарчу деношкахь Шемин Iедалан ницкъаш Алеппо гIала йоккхуш бу гIаттамхошкара, Оьрсийчоьно кеманашца гIо а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG