ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. ДоттагIа.


****

Дуьненан доккхалла гIулчашца юстуш,
Сан ойла сецаеш, дин санна, аьрха,
Со волавелча, сайн кхолламца къуьйсуш,
Хьо воцург, доттагIа, суна-м ма велха.

Сов девлла гIалаташ, къинош дазделла,
Ца йицъеш къоналла, хастам беш цунна,
ГIелвелла со висча, букар а воьлла,
Хьо воцург, доттагIа, ма велха суна.

Сан бIаьргаш кхоьлича, къежбелча корта,
Ткъа, хьаж тIе дийшича и гIийла хебарш,
Ас лайнарш дахарехь хиларна шорта,
Хьо воцург ма велха, къобалдеш дехар.

Вай вовшех къаьсташ, сан Iожалла кхаьчна,
Сан дешнаш дисича хьан сина делха,
Со новкъа воккхуш, сан барма а лаьцна,
Хьуо волавелча а даггара велха.

Хьо воцург ма велха, доттагIа, суна,
Хьан бIаьрхиш оьгур ду сан Iамал хилла.
Хиларна тешаме хастам бу хьуна,
Вайн дегнаш къобалдеш дека сан илли

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG