ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло ГIирма долаерзийна ши шо кхочу


ГIирма дуьненан низам а дохош, Кремло долаерзийна ши шо кхочуш, Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцешна тIетаре кхойкху Евроберто Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаци. Украина йозуш йоцу пачхьалкх хиларх даре а деш, цуьнан латта шен долахь хила дезар тIечIагIдо Евроберто, аьлла ду 28 мехкан арахьарчу гIуллакхийн министрша пIераскана арахецначу дIахьедарехь.

Шен позици Евроберто даима латтор ю, иштта кхобур ю Оьрсийчоьнна дуьхьал, иза нийсачу новкъа яллалц, экономикан санкцеш, изза дан догIу дуьненаюкъарчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино а, боху документо. Иштта цу тIехь хазош бу ГIирмехь Оьрсийчоьно тIеман ницкъаш дебош хиларх а, цигарчу нехан бакъонаш хьоьшуш хиларх а боьзна сингаттам.

Оьрсийчоьнан дола ГIирма ерзор даздеш цигарчу Кремло хIоттийначу Iедало дIабаьхьна цхьамогIа барамаш. Амма Украина, 100 сов пачхьалкх а дуьхьал ю ГIирмин аннексина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG