Оьрсийчоьнан коьртачу прокуратуро дог цадиллина ЮКОС компанин куьйгалхо хилла Ходорковский Михаил дуьненаюкъарчу талламе вала аьтто хир бу шайн бохучух.
Цо иза дан оьшуш долу кхин а алсам кехаташ дIаделла Интерполе. Оьрсийчоьно бехке веш ву Ходорковский Нефтеюганскан мэр Петухов Владимир вуьш дакъалаьцна бохуш.