ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караулова Варвара могуш ю


«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета йоьдучу новкъара лаьцна юхаялийна Москохара яхархо Караулова Варвара кхетамехь хилар чIагIдина психиатрийн экспертизано. Дахначу шеран ГIадужу-баттахь Москохарчу кхело лаьцна чохь яллош ю Караулова.

ЙоIа бехк шена тIе а эцнера юьхьанца, амма тIаьхьо ша дийцинчунна дохкояьлла, ша мел аьлларг юхаэцнера цо. Еарийдийнахь лоьрийн вердикт йоьвзинчул тIаьхьа цуьнан адвоката Бадамшин Сергейс аьлла РИА «Керланаш» агенталле: «Со лоьраллин, адвокатийн къайленаш Iораяха бакъо йолуш вац, цундела аьтто бац ма-дарра дийца, хIунда реза вац со, психиатрийн экспертизано гайтинчунна».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG