ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирман-гIезалойн меджлисана болхбар дихкина


ГIирман лаккхарчу кхело тахана ГIирма-гIезалойн меджлисана болхбар дихкина. ГIирман прокурор Поклонская Наталья яра цу меджлисан болхбар дехкар лаккхарчу кхелана хьалхадиллинарг. Ма-хаарра, хьалххе ГIирман прокуротуралло дихкинера цу маджласина болх бар. Федераллин низамаш ца дохадайтаран Iалашонца бина сацам бу, аьлла дIахьедира ГIирман прокуратуралло.

Охан-беттан 19-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан Нийсонан Министералло а ГIирма-ГIезалойн меджелис экстремисте тоба ю аьлла тептарна тIеязйира.

Поклонская Натальяс а элира, “меджлис идеологи – Оьрсийчоьнна дуьхьало яр бухан тIехь лаьтташ ю .” "Цуьнан куьйгалхой Малхбузе политикаш лелон тайнигш ду," аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG