ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яла рагI кхаьчна Нохчийчуьрчу берзалойн


Цхьа хан юкъа а юлуш, юх-юха а йийца йохуш махкахь берзалой а.чагIалкхаш а, цара даьхнех дезар дина бехачу могIарерчу нахана деш долу зенаш а.

ХIинца дуьххьара а доцуш кху тIаьхьарчу шерашкахь кест-кеста нисло вайнехан юкъараллехь берзалой йийцаре яр.

Бахьна цхьаъ ду – цара дагахь доцуш, даьхнийн долахошна деш долу даккхий зенаш. Къаьсттина алсам бахархой Iовжийна цу мокхачу акхароша аренца Iохкучу Новр, Теркйист, Шелковск кIошташкахь.

Уьш махкахоша ялхош йолу кIезиг хан яцахь а, Iедало хIинца санна, уьш яйа, таллархойн тобанаш цхьаьна а тухуш, гIулч яьккхина яц.

Хуучара дийцарехь, 200 сов таллархо говзанча ву цу гIуллакхна меттахваьккхина. Царех цхьаъ ву теркахо ШаIран а. Цо даре дира шайна церан хьокъехь хьалха декхарш хIиттина хиларх а, шайн ка яьнйолчу деношкахь шаьш берзалой а, чагIалкхаш а дIаяха арадовла лоьруш хиларх а.

Цо мукIарло до цу акхароша ур-аттал юьрта юкъа яхка бIокъажош цахиларх. Оццул эвхьаза евлла уьш цо дийцарехь.

ШаIран: «Тхоьга а дина уьш яйа аьлла омар. Ахчанца совгIаташ дийр ду боху хIора йийначу барзана а, чагIалкхана а. Йовха йолуш хала ду царна тIаьхьадовла а, хьунчуьра араяха а.

ДогIа деанчул тIаьхьа дика болх бо жIаьлеша. Йочана хиллалц бохуш Iаш ду-кх тхо. ЖIаьлеш ца хилча-м тхоьга и болх а бан а лур бац. Зенаш цара дукха дина бохург дан а дац. Дукхе дукха дина, деш а ду.

Цара ша йолу хIума хIаллакьеш ю. Цу барзал боьха хIума ю чагIалкхаш. Цу берзалойх къехкаш гIайреш тIехь Iаш ю чагIалкхаш. Шийла ца шийла дан а дац. Дехьа- сехьа а юьйлуш Iаш ю-кх уьш. ХIора а гIайре тIеххьа-м ю уьш,суьйранна маьждигехь молла кхойкхуш мел чIогIа угIу хаьий хьуна,тIаьхьара олуш санна! Тхаьш цара ларалур ду аьлла-м хета тхуна».

Официалан хьостанаша а, ярташкахь бехачу наха а далочу тоьшаллашца кху тIаьхьарчу шерашкахь вуно чIогIа дебна аренца Iохкучу кIошташкахь берзалой а,чагIалкхаш а.

Кху деношкахь иттех уьстагI цестина Новр кIоштан Алпатов юьртана 6-7 чакхарма нацкъара гIамаршкахь йолчу 4-гIа совхоз олучу кIотарарчу долахочу Iаьрбин.

Хилла зе мета-м хIоттор дацара Iедалхоша, уьш яйина дIаяхарх доккха гIо хир дар-кх шайна бохуш вара Iаьрби. Берзалоша цхьана буьйсанна 36 уьстагI бийна зе динчех ву Теркйист кIоштера Бора а. "Суна санна зе динчо-м бохур дацара хьуна уьш яйа мегар дац. Уьш кхио а, дебийта а гIерташ ас шина-кхаа шарахь хьегна къа а,йина харж а цхьана буьйсанна шен демере дIа-м хьажийра цу гавурша»,-боху Борас. И ву дуьйцуш.

Бора: «Iедало и дахь и дика дагадеъна хIума-м ду. Сан бина-кх 36 уьстагI, кхо метр керта тIехула а евлла. Генаш этIош охьа-м дехкинера уьстагIий а, Iахарий а. Ерриг кIоштехь а хууш дар-кх иза. Массо кехат а кечдинера, бу мел бохучу хьаькамаша куьйгаш а яздинера.

Иссазза гIала вахара со амма суна гIо-м ца хилира. Цу чам баларх ас уьстагIий дIа а дехар-кх. Уьш лелочунна хаьа бийнарг цхьаъ бен бацахь а, мел новкъа догIу уьстаIг бийча. Уьш дIаяха арабевллчара лелориг дика гIуллакх ду-кх. Дела реза хуьлда царна!»

Бакълена а, Iедало шен аьллар дахаре а дерзийна и акхарой дIаяхахь, хецца уьстагI-бежана дIалалла а йиш йолуш, маршо ер ю даьхнийлелорхошна,цуьнца цхьана дIадер ду цхьа «корта лазар а».

Соьца церан хьокъехь къамел динчу Борас ма-аллара, вуно мехала дара и зуламе экханаш дебалца а ца Iаш, и болх кхаа шарахь цкъа мукъна а беш хилча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG