ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черногорехь НАТО Оьрсийчоьннал бегIийла хета


Белги-- Монтонегрон премьер министр Джуканович Мило а, НАТО-н инарл секретар Штолтенберг Дженс а НАТО-н гIишлонна чохь, стигалкъекъа 19-гIа, 2016-гIа шо.

Черногорино а, НАТО-с а цу махкана алъянс юккъеян бакъолун протокол буха куьг таIийна. Цу протоколца и Балканера мохк 29-гIа НАТО-н юккъебогIу мохк хир бу. Цу куьг таIоран церемони веанера Черногорин премьер-министр Джуканович Мило. Цо дIахьедира ша догдоху шен мохк НАТО-н 2207-чу шарахь декъашхо хиларе, аьлла.

Ала догIу, Москохо оьгIазлонца тIеэцна Черногори НАТО-х дIакхета лаар. Цо кхерам тесна нагахь санна Монтонегро НАТО-он декъашхо хилахь, ша и гIулч, жоп доцуш, йуьтур яц, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG