Петарбухахь тIебогIучу беттан юккъехь хуьлучу дуьненаюкъарчу экономикан форуме ваха дагахь ву Европан комиссин куьйгалхо Юнкер Жан-Клод, хаамбина цуьнан пресс-гIоьнчалло. Путин Владимиран пресс-секретара Песковс тIегIачIбина и хаам, амма, цунна хетарехь, Брюсселанний, Москоханний юкъаметтигаш йохлур ю ала дац Юнкер варах.
2014-чу шарахь Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яьхчхьана схьа дуьххьара ву Еврокомиссин лидер Оьрсийчохь.
Юнкер Петарбуха воьдуш нисло нийсса Европано экономикан санкцеш кхидIаяхъян сацам бан лерринчу муьрехь.