ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машар бохош бомбанаш еттарна бехке йина Оьрсийчоь Iамерко


Шема - 16 Манг. 2016
Шема - 16 Манг. 2016

Оьрсийчоь бехке йина Iамерко къилберчу Шемахь гIаттамхойн тобанашна хIаваан тохарш дарна. Тохарш динчу тобанашна юкъахь ю Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIортор ен гIаттамхойн тобанаш а. Iамеркин Iедалан векалша Рейтерс агенталле динчу дIахьедарца а догIуш, уьш чIогIа саготта бу Мангал-беттан 16-чу дийнахь динчу хIаваан тохаршна.

Шен агIор Оьрсийчоьно Цхьаьнатоьхна Штаташ бехке йина къайлах "террористийн" тобанашна гIорто ярна а, Президент Асад Башар даржера дIаваккха план хиларна а.

Цу тайпа план хиларца доьзна хила тарло Iамеркин шеца юкъаметтиг йолу гIаттамхойн тобанаш Нусра Фронтах дIакъасто ка цадаларна аьлла хета Кремлна. Цундела Москохан бакъо ю Нусрана хIаваан тохарш да аьлла дIахьедина Еарин дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG