ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бенойн бIаьсте"? ...Ткъа рогIехь муьлхачу тайпан "бIаьсте" ю?


...ТIоьхула хьажча, хаза ду Нохчийчохь, ловзарш а ду Iедало дIакхоьхьуш кест-кеста. Деношкахь хинйолчу «Бенойн бIаьсте» фестивална кечлуш ду Нажи-Юртан лаьмнаш а, мохк а.

Кху карахь болчу марсхьокхучу беттан 20-21 деношкахь дIахьош ю Ножай юьртан кIоштехь «Бенойн бIаьсте» цIе йолу даздарш. Бен-бечу хьостанаша тайп-тайпана йоху цуьнан цIерш: халкъан кхоллараллин фестиваль, халкъан хьунарийн гайтам-даздарш,ишта кхин дIа а. Дуьххьала «Бенойн бIаьсте» дIаехьна стохка аьхка мангалан баттахь.

Эзарниш хьовсархой а болуш,яккхий концерташ а хIиттош, хIетахь дIадехьнера дукха спортан къийсадаларш- доьхканашца латарехь, машшаш ийзош,йозалла ойуш,куьйгаш лотуьйтуш,гихь тIулг болуш хьалнехьа водуш ишта кхин а,кхин а гIор зераш.

Официалан кхайкхо эшна а доцуш, кхушара Кадыров воккхачуьнан 65 шо кхачарна хьомара дIахьуш ю шолгIа фестивал «Бенойн бIаьсте». И цхьаьнатоха а,дIаяхьа а кхоьллинчу комитетан куьйгалло хааме даккхарца хаъал шорйина цуьнан программа а.

Цкъа делахь кхушара кхаа майданахь дIахьуш ду массо тайпа къийсадаларш: Беной-Веданан эвлан шерачу,тIамлам ала а тарлучу акъари тIехь; Шира –Бенан этнографин музейхь; кIоштан угар лекхачу,юенойн тайпана ломан басахь а. Махкахой боцуш цига хьовсархой хила кхайкхина бу дуьненан маьI-маьIIера беза лераме хьеший.

Бенахь а, Бена-Веданахь а, кхечу ярташкарчу ламанхоша а даре а деш, харж ца кхоош,инзаре кечамаш бу кадечу йортахь дIахьуш. Масаллина аьлча,чIегIардиган бен санна,ломан апарин тIехь дIатарьеллачу Бена-Ведана хадош чекхдолучу Кадыров воккхачун цIарахчу урамехь беш бу вуно бакхий хийцамаш.

Ма-дарра аьлча и урам юхадеш ду аьлча а харц хир дац. Хуьйцуш ю ширьелла керташ, тоьллачех тоьлла гIирс-коьчалла тIе а оьзна, юхатохкуш ду цIенойн тхевнаш, пилтанаш йохкуш куьце ялош ю урам-нкекъашца мел йолу хиш шовданаш охьоьху апареш… Бегашена а доцуш хийцамаш баккхий бу.

Цу гIуллакхна жоьпалле болчу хьаькамаша я маьхькIамхоша ир-кара хIитто а, я тIаьхьара тетта а ца оьшуш, Iедало беллачу гIирсах шуьйра а пайда а оьцуш беной шаьш бу,шайн ков-керташ куьце далош, хьасартне къахьоьгуш. Иштачех цхьаъ ву Бена-Веданара хьехархо Амхьад. Жигара болх бечуьра юкъахваьккхина ас иза кIеззигчу ханна.

Амхьад: «Инзаре даккхий даздарш ду дIадахьа лерина. Иордани биста кхаччалц хьеший бу схьабогIур болуш. Спортан къийсадаларш, бу мел боху артисташ а болуш концерташ, хIаваэхь кхиссалуш болу мотоциклисташ а болуш, говраш хехкар.тайп-тайпана,хьовсархой йийсаре беш долу къийсадаларш… Кхушара дийриг къаьхьа де ду….»

Иттех де даьлча шайн юьртахь хиндолчух, дийцинарг вара кхузткъара волуш валлахь а, маймал цIий доьттича санна,тхов туьллуш каде хьийзаш волу Амхьад. ШолгIачу дийнахь юха а хилла сан цуьнца зIенехула къамел, цо а, иттаннаш кхечу цуьнан юьртахоша а. Цо дийцира,урам,юрт битаме ялош, тIетеIо ца оьшуш шаьш хьоьгучу къих.

« Дада тхов боккхуш ву. Баба хIара телпо дадега дIакхачае боху-кх цо.»

Амхьад: «Нах шайн лаамехь къахьоьгуш бу. Iедало гIо дина,хIинца юьртахоша шаьш до-кх шайн гIуллакх.Iедал лара а лур мА дац,оха гIо ца дича. Дукха нах бу орцахбевлла. Тхан урамехь ткъе итт сов ву-кх къахьоьгуш,Iедало динарг хаза нехан санна дош а хеташ,накъосталла а лоруш».

Кху беттан 20-21 деношкахь шайн юьртахь хиндолчу даздарех,вуно боккха кхаъ хилла бена-веданхошна а, лула-куларчу кIотIаршкарчу ламанхошна а. Уггар хьалха царна товриг шайна дагахь доцукш а Iедалера гIо хилар а, шайн ярташкара,кIоштан исбаьхьа ломан меттигаш кхин а тоеш,хазьеш дIахIиттош хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG