ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIоьртина ду хьал Украинан дозанехь


Украинано Оьрсийчоь бехкейина шен малхбалерчу декъера хьал халчу даккха лерина хиларна а, шегахьайолу оьрсийн сепаратизм регионехь чIагI а еш, гIаттамхошна герзаш, дуккха а тIеман гIирс латторна а.

ПIераскана Украинан иччархоша хаамбина, Кремл дагахь ю Донбассехь, ГIирманахь шуьйрра провокацеш ян а , цул тIаьхьа Минскехь бина барт ца ларбийриг йина бехк, Киев емалъян а. Орца кхайкхийна Iедало шен дозанашкарчу массо а эскаршкахь.

Оьрсийчоьнца долчу ГIирмин а, Донбассан а дозанашкахь монитораш совбахахьара аьлла, дехна Украинано Европан кхерамзаллехула, цхьаьнаболхбарехула йолчу организацина.

Оьрсийчоьно кхаарийдийнахь дIахьедира, ша долаерзийначу ГIирме Украино эскархой хьийсабо цигахь цаьрга Iедалан инфраструктурашна терроран тохарш дайта, аьлла. Ткъа Киево иза дацаре дарал совнах, Кремло шегара гойту «цинизм» ю боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG